Яшуркаев Султан биография Нохчийн Маттахь

«Яшуркаев Султанан кхоллараллин некъ»

Просмотр содержимого документа
«»Яшуркаев Султанан кхоллараллин некъ»»

Х ьехарсахьтан некъ:

I. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор. 1. Маршалла хаттар. 2. Журнал кхочушдар. 3. Хьехарсахьтан 1алашо а, хьехарсахьтан декъашхошна хьалха х1иттош долу декхарш а довзийтар.

II. Дийцаран чулацам т1ехь болх бар. 1. Хьехархочо (доцца) бовзуьйту нохчийн яздархочун

Яшуркаев Султанан кхоллараллин некъ. Нохчийн яздархо, поэт Яшуркаев Султан вина Веданан к1оштарчу

Хорача-юьртахь ахархочун Сайд1елин доьзалехь 1942–чу шарахь. 1974-чу шарахь МГУ-н юридически факультет чекхъяьккхинчул т1аьхьа белхаш бина талламан а, бакъонаш ларъяран а органашкахь. С.Яшуркаевн стихаш, дийцарш зорбане дуьйлу «Орга» журналехь, юкъарчу гуларшкахь.1988-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь арайолу поэтан «Седарчийн буьртигаш» стихийн гулар. Шайна т1е тидам бохуьйтуш ду вайнах Даймахках бахарх а, цара цигахь лайначу халонех а долу цуьнан дийцарш. Карарчу хенахь Яшуркаев Султан 1аш ву Бельгехь. «Орга», «Вайнах» журналийн аг1онаш т1ехь зорбане вуьйлуш а ву.

2. Хьехархочо дешархошца бийцаребо яздархочун Яшуркаев Султанан

«Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» дийцаран чулацам.

Дешархой шина тобане бекъна. Вовшашка хаттарш-жоьпаш лучу кепехь д1ахьо хьехарсахьт. Шина а тобанан декъашхоша дийцаран чулацамах вовшашка хаттарш а, царна жоьпаш а луш д1ахьо шина тобано бен болх.

Хьалхарчу тобанан куьйгалхочо йоьшу халкъан поэтан Рашидов Шаидан «Кхойтта шо» ц1е йолу стихотворени. Шолг1ачу тобанан куьйгалхочо йоьшу поэтан Пашаев Нурдинан «Къизалла» ц1е йолу стихотворени.

Цул т1аьхьа д1аболало шина тобанан болх:

— Мила ву дийцаран коьрта турпалхо?

— Яздархочун Яшуркаев Султанан дийцаран коьрта турпалхо Саидов 1алсолтин к1ант Мада ву, цуьнца цхьаьна гайтина нохчийн халкъ ду?

— Авторо муха вовзуьйту ешархошна Мада?

— Казахстанера шен ден, ненан, доьзалан к1айчу к1адин кегийчу т1оьрмигаш чохь даь1ахкаш ц1а йохьуш вог1уш, Алма-Атахь некъахьовзам хиларца вевза вайна дуьххьара дийцаран коьрта турпалхо. Ша цигара ц1а беана пхи т1оьрмиг Шилхотерчу кешнашкахь д1абоьллира Мадас. Казахстанера ц1а веанчул т1аьхьа х1ора шарахь воьдура Мада шен гергарчийн кешнаш т1е х1отта. Ткъе ворх1азза вахара Мада Казахстане.

— Мадина чов маца йира?

— Шовзткъе пхоьалг1ачу шарахь, Берлин йоккхучу деношкахь йира Мадина чов. Ч1ог1а а йира. Х1ара-м, велла аьлла, массарна а даьккхинчу «вежарийн коша» верзийра. Мадина кхетаман к1оргехь хаьара ша ца веллий, амма и ала ца лора. Хаалора т1етуьйсу латта а. Кхунна шена а ца хаьа, ша кошара хьала муха велира… Цхьа а теша а ца тешара я х1ара цхьа тешо а ца г1иртира…

— Мада госпиталера араваьлча Нохчийчу муха кхечира? Х1ун 1аткъам хилира цуьнан дагна шен ц1ахь стаг ца карийча? — Мотт кхуо дукха ца бийцарой, куча хьалха шина мог1арехь йолчу орденаший, мидалший валийра Мада ц1а. Шилхоте Мада буса хан яьллачу хенахь кхечира. Наг-наггахь летачу ж1аьлийн бен г1ар-тата дацара юьртахь… …Не1 ца йиллира. Девешин кертара д1а х1ара юьртах чекхвелира. Мада ма-воьдду Веданан милице вахара. Къамел, кхунна Нохчийчуьра д1авала ткъе диъ сахьт хан а луш, дирзира. Веданан базарахь суьйличуьнгара боккха бакъийна ши дума а эцна, новкъавелира Мада… Шен доьзал лоьхуш лелачу Мадина х1ун сурт го Казахстанехь? — Казахстанехь шен доьзал лоьхуш Мада масийтта юьрта кхочу: Долоне, Кононерке, Бурасе, Семеновке. Массанхьа а гинарг ирча хьал дара. Мацалла, цамгарш, баларш. Долонехь шена гинчу суьрто 1адийра, царна дан г1о доцуш, дагах меллаша чекхбуьйлура цхьа аьрта, дегабааме, дега1ийжаме синхаам.

— Х1ун хьехам бо Долонехь воккхачу стага Мадина?

— Мада! – аьлла, вистхилира воккхастаг. — Хьо новкъа воьдуш стаг ву.

Хьо тхуна т1е дуьххьара нисвелла. Семеновке кхаччалц новкъахь мел йолчу юьртахь вайн вежаршкахь, йижаршкахь ду х1ара хьал. Цигахь а ду бераш а, д1адохка декъий а, мацалла эгнарш а. Амма ахь хьайн новкъа нислун болчу нахе х1окху дуьмана т1е мотт хьакхийтахь а, хийла 1ожаллин буьйнара вер ву. Вайн дала йиш яц. Вай-м дийнна халкъ дай. Халкъ дала йиш яц! Дуьйр а дац, тутмакх а далур дац. Замано ша кхел йийр ю кху белхан. Вон а, дика а шен-шен меттах1оттоза 1ийр яц и.

— Канонеркехь хьаьнца гергарло тосу Мадас? — Казахаца Серикбайца гергарло тосу Мадас. Кхуо кхо к1ира даьккхира Канонеркехь, Закрих х1ун хуьлу хаъалц. Ши буьйса Мадас, Серикбайс вита а ца витина, и волчохь яьккхира. Кхаьршиннах гергара ши стаг хилира. Вохийна вацахь а, накъосталла оьшуш вара Серикбай. Осал а вацара…

Канонеркехь Мада ч1ог1а цецваьккхинарг х1ун дара? Цхьана пенаца, цу т1е тоьхна сурт сана, к1айн г1абали а юьйхина куц долуш, лекхачу дег1ахь, 1адийна, хаза аматаш долу йо1 лаьттара. Цуьнан хазаллел а, т1ерачу г1абалел а х1ара цецваьлларг цуьнан ц1ена хилар дара. Ло сана к1айн дара охьахецна ши куьг. Юьхьа т1ехь д1абуьзначу малхах йисна корех чу оьгу серло йогура, цхьа хьоькх, мода яцара цунна т1ерачу г1абали т1ехь. Г1ийло нур 1енош къегара г1абалин дато доьхка а, некха т1ера ветанаш а. Йо1ах ерригенах а схьаюьйлуш цхьа ц1ена серло яра. Оцу х1усаман, нехан, чохь мел йолчу х1уманан тишаллех, халкъе кхаьчначу къаьхьачу баланех оцу суьрто цец а воккхура, лаза а вора.

— Сада1а араваьлча х1ун сурт го Мадина? — Дехьо кертаца, маьрк1аж-бодан т1ехь лаьтташ цхьа к1айн хьоькх гира Мадина. Х1ара кхийтира. И Жовзан яра…Цхьа боккха ши берд т1етт1а таь1на, царшиммо юкъа1аьвдича сана, лазийра дог и гича. — Хьанах я стенах тера хетара Мадина Жовзан?

— Цхьаннах я цхьана х1уманах тера хетара кхунна йо1, амма и шена стенах тера хетта ца хаьара. Я и тера хетачу х1уманан сурт а ца х1уттура…

И нохчийн халкъах тера яра. Х1ан-х1а, тера яцара. И нохчийн халкъ дара: шен куц ца дохош, т1е эхь ца латош, юьхьк1айн йолуш, кура, лекха, доьналла, яхь д1а ца луш, шена т1ехь йинчу харцонна, къизаллина юккъехь гора ца доьдуш, нийсса ирахь лаьтташ. Ло санна к1айн, башломан тарх санна лаьтташ… Амма нохчийн халкъ и йо1 дара, кхунна хьалхха лаьтташ йолу Жовзан. Юьхь-сибатехь, дег1ан куьцехь. Оцу йоь1ан ц1еналлица доьзна лаьтташ дара халкъан хилларг, ловш дерг, кхана хиндерг.

— Мадас муха досту Жовзанан васт? — Жовзан доллучу нохчийн халкъан васт дара. Х1ара цуьнан к1ант, цуьнан меженех цхьа дакъа дара… — И сурт шена гича х1ун дагадог1у Мадина? — Мадина дагадеара Долонехь висинчу воккхачу стеган дешнаш: «… Вайна юккъера нах а лийр бу, мацалла а ю, г1ело а ю, амма вай халкъ ду. Халкъ лийр дац. Халкъ ден ницкъ бац. И чудоллал

набахта я ницкъ а бац мел доккхачу зуламан. Вон а, дика а, харц — бакъо а шен метте х1оттор ю заманан кхело. Халкъ –

— Мадин дог парг1атдаьккхинарг х1ун дара? — Цомгаш, меца, чов хилла делахь а, халкъ г1ишло еш дара — даха кечлуш. Халкъехь карийначо вохийна волчу кхунна кхаъ хуьлура оцу балхах. Юха а меттахъхьайра дагахь воккхачу стеган: « Халкъ лийр дац », — дешнаш.

« Х1ан — х1а, тхо цкъа а лийр дац », — ч1аг1делира даг чохь.

-Цигахь (Канонеркехь) мила караво Мадина?

-Канонеркерчу клуб чохь шен дешича Закри караво цунна. Закри нахана вевзаш стаг вара. «Борз лаьцна Закри»,- олий бен, йоккхуш яцара цуьнан ц1е. Цо жима стаг волуш, 1ожан ирзех лаца а лаьцнера борз, яла а йина, эвлаюккъе д1а а х1оттийнера. Юьрта веана хьаша а цунна т1евосса лууш хуьлура. Кхин цхьаъ дара. Закрин деда Биболт имам Шемалан б1охь лелла олура. И схьаваллалц б1о латтабо бохура Шемала.

« Вай х1унда лаьтта?», — хаьттича: «Ах бен дац вай»,- олу бохура имама. Биболт схьакхаьчча: «Х1инца йисина ах схьакхийти вайх»,- олу а бахара.

Оццул деэшна 1уьллург Закри вара! Борз лаьцна Закри! Биболтан к1ентк1ант Закри!

— Х1ун дара Мадина 1аткъаме даьлларг?

— Карахь дума а болуш х1ара т1евог1уш, шорлуш, шорлуш, болчу т1е а бакхий хила сецира Совнин ши б1аьрг, нег1арш ца тухуш. Цхьа шийла, аз доцуш, амма къораволлал ч1ог1а мохь бара оцу б1аьргаша хьоькхуш. И адамниг бу я кхечун мохь бу х1ара кхетале, и ша йолччохь, гуьйриг санна, д1ахаьрцира. И т1екхетта аннийн къора тата делира. Совна дуьме ч1ог1а хьажар а, цул т1аьхьа елла йожар а 1аткъаме даьллера Мадина, оцу балхана бехке ша хетта.

— Бурасехь болчу нохчашкахь х1ун хьал ду? Мадас х1ун г1о до Зайндин доьзална?

— Вочу хьолехь ду нохчийн 1ер — дахар, мацалла к1елбисна нах. Мада шен т1оьрмиг чуьра чухула духу салтийн коч-хеча ялтах хийца г1урту. Салтичух къахете, цхьа кад дама ло оьрсийн воккхачу стага. Зайндин доьзал болчу чувеана, дама охьадиллира цо. Шен т1оьрмиг чуьра шекаран б1елиг а, масех сухар а, баьккхина дума а биллира охьа. Кхин дан накъосталла дацара…

— Х1ун хеттарш дора нохчаша Мадега? — Канонеркехь хилларш дара хеттарш а, къамелаш а. Изза бара лазамаш а. Цхьана балано хьаьшна долчу адаман ойла а, къамел а, сатийсам а цхьаъ ца хуьлийла а яцара. Массеран а лозург цхьа чов яра — нана Дег1аста.

Воьлхург шегахь йолчу мацаллина, шен эшначу денна воьлхуш вацара — Дег1астанна воьлхуш вара.

Даймехкан 1аламан суьрташ а гойтуш, дешархошка ладог1уьйту нохчийн гоьваьллачу поэтан Гадаев Мохьмад-Салихьан «Даймахке сатийсар» стихотворенин дешнаш т1ехь даьккхинчу, иллиалархочо Джабраилов Турпала д1аолучу иллига.

Семеновке воьдуш мила т1екхочу Мадина?

— Селиман сту боьжначу ворданахь х1ара шиъ воьдуш, салам а луш, т1евог1у говрбере. И Дика вара. Ненехула кхуьнан маьхча а волуш, юьртахь а г1араваьлла забаре а волуш. Вовшийн мара а иккхина, дикка лаьттира и шиъ. Шаьшшиъ вовшахваьлча, цуьнан б1аьргаш чохь хи гира. Дикина а гина хила мегара…

— Мадина шен доьзалх дерг муха хиира? Цо муха т1еийцира и хаам?

— Дика Мадега цуьнан дай, наний, доьзал дийна цахилар дийца г1оьртира… Цо и шен логерачу хорамна чекхдохуш дара, кхуьнниг кхин а т1екъовлабала буьйлира… Х1ан-х1а, Дикига ца дийцаделира кхуьнан доьзалх цхьа а висина цахилар. И вилхира, доггах, дуккха а. И кхунна воьдхуш вацара, кхуьнан метта. Кхуьнга-м долададелира шен. Гаьргаш даммар — дарц хилла д1асаяьржира. И хиллачохь есаллий, цхьа шийла хьоьккхий бен х1умма а ца хаалора. Лан дезара… « Х1инццалц неханиг лайча — хьайниг ца лало хьоьга ?! Хьоьгахь дерриг ма ду халкъехь», — бехкбаьккхира Г1ойт1арчу воккхачу стага. «…Стаг къонах хила веза, вон а, дика а лан… Ца ладелча, осал ву олу…т1аккха вов…нех хуьлу… Нохчий-м собаро латтиний, к1ант», — и бохург да вара. Х1инццалц хилларг, х1инца воцург – ладала деза! И дешнаш лардан а… Уьш лардар – да ларвар ма ду… Ден дош…яхь… г1иллакх лардар к1антана т1ехь. Яхь, г1иллакх – цуьнан меженаш… Меже хадийча, стаг лазаво…заь1ап хуьлу…га хадийча, орам а лазабо… заь1ап буллу. Ладала деза! Ден дош ца лардича, эхь ду к1антана…»

-Хьаьнца вуьсу Мада Семеновкехь? Х1ун ойла кхоллаелла цуьнан?

— Шен шичица Хасмохьмадца кхоалг1ачу бригаде балха воьду Мада. Са цхьа парг1ат дара. Буьззина болчу кийрахь доллу х1ума а шен — шен метта нисделлера. Шилхотехь буса ден х1усаман не1 ца еллаелча х1оьттинчу шодах доккха цхьа дуьне хиллера. Оцу дуьнен т1е я чу д1атарбеллера цу буса болийна бина некъ, некъаца гинарг, мел лазийнарг, д1абоьхкинарш, ша коша т1е х1иттинарш… И доккха дуьне чутарделла ша цул а доккха дуьне хийтира. Кху лаьттаца, дег1аца доьзна ца 1аш, кхин а цхьана доккхачу

х1уманца доьзна… И ша шена тарделлачу дуьненахь Латта жима, г1орасиз дара. И гуттар а шеца кхехьа дезаш а дара, кхуьнан дуьне.

III. Дешнаш т1ехь болх бар.

Заразакъ ( подъемный рычаг ), салтийн кутум (солдатская фляжка ), ц1елеторг (зажигалка), патарман чкъуьриг (гильза), паднар (топчан, лежанка), хорам (удушение), шайт1ан мохь (смерчь, вихрь), зез (лиственница), анайист (горизонт), б1о (войско), макъара дуьллу урс (перочинный нож), тарх (скала), башлам (снеговая гора), ц1убдар (пиявка), куьйса (без волос на лице), б1ег1иган куй (войлочная шляпа), г1ера (шайка, банда), хумп1ар (кобура, футляр), сунк (неровность на дороге, маленький бугорок), зил (черта, граница, линия), йилбазмох (смерчь), черма (деревянная бочка), пхьор (ужин), тутмакх (арестант, заключенный), яйдакха дин (неоседланный конь), абаде (вечность без конца), иэс (память), уьшал (болотистое место, трясина, топь), йоьза (медный), ча такхийна тача (млечный путь) дешнаш, церан маь1наш йозанан уьн т1е д1аяздина ду. Дийцаран чулацам бийцаре бечу хенахь хьехархочо оцу дешнийн маь1наш довзийтаран болх д1ахьо.

Яшуркаев Султанан кхолларалла 8 класс

Обращаем Ваше внимание, что в соответствии с Федеральным законом N 273-ФЗ «Об образовании в Российской Федерации» в организациях, осуществляющих образовательную деятельность, организовывается обучение и воспитание обучающихся с ОВЗ как совместно с другими обучающимися, так и в отдельных классах или группах.

Рабочие листы и материалы для учителей и воспитателей

Более 2 500 дидактических материалов для школьного и домашнего обучения

Видеолекции для
профессионалов

  • Свидетельства для портфолио
  • Вечный доступ за 120 рублей
  • 311 видеолекции для каждого

Хьехархо: Гадаева Х.С-Х .

Предмет: Нохчийн литература

1алашо: дешархошна Яшуркаев Султанан дахар а, кхолларалла а иовзийтар. Яздархочун дийцарх лаьцна кхетам балар, къоман лазам, сатийсамаш бовзийтар. Дешархойн хаарш а, къамел а кхиор.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш ешначух кхета, хиндолчу г1уллакхан прогноз ян; шайн белхан план xIotto , цу иланан рог1аллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа, 1ама беза шайн кхиамаш, кхачамбацарш довза, царах пайда эца.

Хьехаран некьаш: 1амат-хрестоматица болх бар, дешархойн хаа- маш, комментари ярца текст ешар.

Гайтаман г1ирс: яздархочун сурт, презентаци.

Урокана эпиграф: «Т1ебеанчу балано бухарниг эккхийна». (Кица.)

Маршалла хаттар, урокана оыпу г1ирс кечбар, класса чохь верг-во- цург билгалвоккхуш, журнал т1ехь болх бар.

II. Ойла т1еерзор. Эпиграфна далийнчу кицанан маь1на дастий- тарца проблемни хьал х1оттош, берийн ойла дешарна т1еерзайо.

— Муьлха кица ду вай тахана далийна?

— Цуьнан маь1на хьан достур дара аша?

— Хьенан дахар а, кхолларалла а ю вай 1амо билгалъяьккхинарг?

— Х1ун дийцар дара вай цуьнан 1амийнарг, дагадог1ий шуна?

— Вай далийнчу кицанан маь1ница дуьстича, стенах лаьцна хир ду, шуна хетарехь, иза?

— Вай бан безачу белхан 1алашо xlo тт ae вай? Х1ун дийр ду вай та­хана урокехь?

— Яшуркаев Султанан вай карладаьккхинчу дийцаран («Напсат») чулацамца дог1уш дуй вай лакхахь далийна кица? (Урокан 1алашонаш, декхарш дешархошка шайга билгалдохуьйту.)

III. Дешархойн хаарш жигардахар. Хьехархочун дош. — Стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь? -Х1ун болх беллера шуна ц1ахь кхочушбан? (Дешархоша бовзуьйту шаьш ц1ахь кхочушбина кхоллараллин белхаш.) -Даймахке йолу марзо алсамйохуш муьлха дийцарш 1амийна вай?

. Яшуркаев Султан 1960-чу щерашкахь нохчийн литературе еанчу яздархойн йоккхачу тулг1енца (Дикаев Мохьмад, Хасбулатов Ямли- хан, Кибиев Мусбек, Арсанукаев Шайхи, кхиберш) вацара, шен хенаца царна гергара хиллехь а. Султан кхоллараллин новкъа царал т1аьхьа х1оьттира.

Яшуркаев Султан вина 1942-чу шарахь Хорачахь. К1ентан ши шо дара, шен доьзалца, шен къомаца и махкахвоккхучу хенахь. Цуьнан бералла а, кхиар а д1адахара Казахстанехь. Шен халкъаца цхьаьна Дай- махка вирзинчул т1аьхьа, Султана юккъсра школа чекхъяьккхира.

Яшуркаев Султанан кхоллараллехь билгалъелира цуьнан коьрта тема — жимчохь хийрачу махкахь лайна халонаш, хилла декъаза берал­ла, Даймахке болу сатийсам. И тема цо поэзехь а, прозехь а к1орггер- чу исбаьхьаллица яьстира. Ешархоша а, литературин критико а дика т1еийцира нохчаша ц1ерадаьхначохь, цайначу 1азапах долу дийцарш а: «Напсат», «Хорбазан чкъоьргаш», «Картолаш», «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть а. Царна т1ехь дика гайтина кхалхийнчара Даймахке сатийсар а, хьоре хиллал хала еанчу оцу заманах, адамаллех ца бухуш, нохчий чекхбрвлар а.

Султанан кхоллараллехь юха а денъелира керлачу басаршца, кер­лачу васташца, керлачу шовкъаца Даймахках къастаран тема. Цо пуб- лийистикин жанрехь оьрсийн маттахь язйина «Кескаш т1ехь сизаш» книга Европин дуккхачу меттанашкахь гочйина арахийцира. Яшурка­ев Султана даим кхоллараллин з1е латтайора Нохчийчоьнца, цо керла язйина стихаш, статьяш кестт-кеста зорбане юьйлура ц1ахь арадовлучу

журналашкахь а, газеташ т1ехь а. Цо нохчийн литературехь йитина ларйовр йоцуш ю.

Яшуркаев Султан кхелхина 2018-чу шарахь.

Машарехьа, адамаллин оьздангаллехьа кхойкхуш а, махке болу без­ам х1оттош а ю яздархочун произведенеш. Шайна т1е тидам бохуьйтуш ю уьш вайнах махкахбахарх а, цара цигахь лайначу халонех а лаьцна дуьйцуш. Царах ю «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть.

Нохчийн литературехь Яшуркаев Султана ма-дарра гайтина вайн къомо лайна къизалла а, харцо а. Шен произведенешкахь башхачу ке- иехь довзуьйту цо турпалхойн васташ а, хьуьнарш а. Цу т1е а доьзна, ала луур дара, дикчу яздархочун произведенеш йоьшуш, дахаран куьз- га хуьлий хьалхах1уьтту къоман лазамаш а, сатийсамаш а.

Яздархочун произведенеш билгалъяхар.

— Яшуркаев Султанан муьлха произведенеш евза вайна?

— Стенах лаьцна ду «Напсат» дийцар?

— Х1ун хан ю цу т1ехь юьйцург?

— Хьенан лазам бу яздархочо шен произведенешкахь гойтург?

VI. Урокан жам1аш.

1. Хьанах лаьцна дийци вай тахана?

2. Мичахь вина Яшуркаев С.?

3. Муьлхачу газетехь зорбане йийлина цуьнан дуьххьарлера сти- хаш?

Дийца шайн кхиамех лаций.

VIII. Хаарийн мах хадор.

(Урокехь бинчу балхе хьаьжжина, дешархочо ша я шаьш вовшийн чадабо шайн хаарийн мах, билгалбоху шайн кхиамаш, кхачамбацарш.)

VI. Ц1ахь кхочушдан дезарг. (Т1едиллар тобанашка декъа мегар ду

Яшуркаев С. дахарх а, кхоллараллех а лаьцна реферат.

Ушел из жизни известный чеченский поэт и писатель Султан Яшуркаев

В далекой от нас Бельгии пришло тревожное известие: после непродолжительной болезни ушел из жизни писатель, поэт, прозаик и публицист Султан Яшуркаев.

Умнейший современник, нашедший самые сокровенные слова для описания почти всех важных событий, коснувшихся нашего народа и страны.

Султан Сайдалиевич Яшуркаев родился в 1942 году в селе Эшилхатой Веденского района, ЧИАССР. После окончания Харачоевской средней школы поступил на филологический факультетЧечено-Ингушского педагогического института (ныне Чеченский государственный университет), который окончил в 1974 году. Затем окончил юридический факультет Московского государственного университета им. Ломоносова. Работал учителем, следователем прокуратуры, в Верховном Совете ЧИАССР, в редакции газет «Даймохк». Писал на чеченском и русском языках. Первые стихи Султана Яшуркаева были опубликованы в Веденской районной газете «Колхозная жизнь». Особенно активно он начал работать в поэзии после вступления в творческое объединение молодых литераторов Чечни «Прометей», созданное в 1975 году при Чечено-Ингушском государственном университете. Коллеги по перу называли Султана самым строгим, требовательным и бескомпромиссным критиком и аналитиком творчества членов объединения.

Султан Яшуркаев — автор повестей и рассказов “Белое пятно на сумерках ночи”, “Картошка”, “Зина”, “Напса”. Русскому читателю известен по первой книге “Царапины на осколках”, вышедшей в 2000 году в издательстве “Грааль”. Произведения Султана Яшуркаева переведены на французский, немецкий, польский, чешский и ряд языков стран СНГ.

Во время военных действий в Чеченской Республике Султан вынужденно покинул родину, но все эти годы тосковал по ней, внимательно следил за происходящими здесь преобразованиями, поддерживал связь через соцсети.

О беззаветной любви к родине Султана Яшуркаева (в соцсетиФейсбук — Кусто Ван Борн говорят многочисленные отзывы о нем друзей и знакомых.

Рамзан Ампукаев (координатор по работе с европейской чеченской диаспорой, близкий друг,Бельгия): «Султан Яшуркаев — истинный сын чеченского народа…Человек с большой буквы!Человек-эпоха, вобравший в себя боль своего народа! От Сибири до наших дней. С тем жил, творил и с этой болью ушел«.

Абдул-Межид Кадыров ( блогер, друг): «Простой и доступный, умевший вникнуть в самую сложную суть вещей, и сказать об этом свое, только ему присущее слово. Его книга «Царапины на осколках», имевшая всероссийского читателя — глубокая и проникновенная биография нашего народа, написанная непосредственным свидетелем и участником трагических и повседневных страниц жизни.

Творческое наследие Яшуркаева будет жить долго, пока не исчезнет язык, на котором он написал самые пронзительные строки».

Вахит Бибулатов: (главный специалист — эксперт отдела научно-исследовательской работы Архивного Управления Правительства ЧР): «Султан в своих произведениях выплеснул всю не заслуженную боль, пережитую в выселении нашим народом, глазами, сердцем и памятью ребенка, но уже зрелым умом«.

Лула Жумалаева (Лула Куна), член Союза писателей ЧР, заслуженный журналист ЧР : «Его произведения впаиваются в сердечную ткань. И с этой болью ты живешь дальше. Душа Султана до сих пор там – в опалённых солнцем, обожжённых стужей, затопленных человечьим горем бесконечных степях Казахстана, где дороги ещё хранят память о маленьком неприкаянном мальчишке-сироте. «.

Хамзат Юнусов, заслуженный журналист ЧР: «Конец 80-х и самое начало 90-х — это, мне кажется, было лучшее время для нас для всех. Мы во что-то искренне верили, каждый в меру сил и возможностей старался положить «свой кирпич» в «счастливое будущее» народа, верил, что оно наступит, а Султан со своим предвидением, со своей философией часто отрезвлял нас, спускал на грешную землю. «.

Абдул Ицлаев, ветеран журналистики: «В 1991 году газета «Даймохк» сменила название. В редакцию не по одному-два человека за несколько лет, а сразу и немалой группой пришли журналисты, не вполне вписывавшиеся в представления «старой гвардии» о профессии, СМИ, их роли и месте в обществе. С точки зрения возраста Султан занимал место посередине этих двух поколений. На столе его всегда стоял стакан чая, и работал он не спеша, размеренно, раздумывая над каждым словом. Такая «манера» писать, то, как он «шлифовал» фразу, заставляли меня относиться к нему, как к великому труженику. Неспешная «терпеливость» эта, я думаю, была корнями из казахстанского детства, из осознанных тогда вещей: мир может быть бесконечно жесток, прав никаких может не остаться, но есть то, чего никто не в силах отнять, отменить, изменить, — право помнить, размышлять, мечтать…. Вот в таких вещах – Султан и был, живущий как бы в стороне ото всех и всего, но видящий, слышащий, чувствующий все вокруг. » .

Коллектив Информационного агентства «Грозный-информ» выражает искренние соболезновния семье и близким Султана Яшуркаева в связи с его безвременной кончиной. Дала гечдойла цунна!

Санет Магадаева

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА «Грозный-информ» обязательна.


источники:

http://infourok.ru/yashurkaev-sultanan-khollaralla-8-klass-5012416.html

http://www.mngz.ru/russia-world-sensation/3757220-ushel-iz-zhizni-izvestnyy-chechenskiy-poet-i-pisatel-sultan-yashurkaev.html