Кагерманов Докка биография 3 Класс

Урок №24 КагермановгIеран Денисолтан Докка «ДоттагIалла»

Урокан цIе: КагермановгIеран Денисолтан Докка « ДоттагIалла»

в кадре: -Де дика хуьлда шун !

ХIокху урокехь вай дуьйцур ду Кагерманов Доккин дахарх а , кхоллараллах а лаьцна. «ДоттагIалла » дийцаран проблема маьIне а, мехала а хилар; дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезаш хилар мехала ларар .

слайд: Кагерманов Докка вина I933-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь.

Поэзехь а, прозехь а йаздан волавелла I957-чу шарахь дуьйна.

Цуьнан стихаш, баснеш, дийцарш зорба тоьхна республикин газеташкахь, «Орга» альманахехь.

Уьш а, кхийолу а цуьнан стихаш оьрсийн маттахь цхьаьнатоьхначу гуларшкахь арайийлина.

Масех книгин автор а ву Кагерманов Докка. «Лаьмнашкахь бIаьсте», «БIаьстенан беш», «Iимран а, цуьнан доттагIий а» и. дI. кх.

Шовзткъа шарахь болх бина цо «Даймохк» газетехь.

«Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин белхахочун» хьакъйолу цIе тиллина Кагерманов Доккина.

в кадре: -Кагерманов Доккас шен «ДоттагIалла» дийцар тIехь вайн заман дахаран къеггина долу сурт хIоттийна.

-Дийцаран персонажаш : воккха стаг, Новраз, Хьамзат, Халид.

-Бовхачу безамца кхоьллина авторо воккхачу стеган а, шина кIентан – Хьамзатан, Халидан – васташ. Нохчийн оьздангалла, гIиллакх, цIена дог-

ойла, воккхачун гIо лаца кийча хилар гайтина цаьргахь.

Иза вайна билгалдолу дийцар тIера хIокху могIанашкахь:

Охьахоийла йоцуш, йоьттина йара вагон. Воккха стаг гин-гинарг хьала айалора, цунна меттиг бала. Вуьшта хьалхарчу гIантахь Iаш волу Новраз, массарначул а иза шена йуххехь воллушехь , ца гучуха Iара, корах арахьоьжуш.

ХьалагIеттина, дуьхьал а волалуш, цуьнан нийсархочо Хьамзата воккха стаг шен метта охьахаийра. ХьалагIевттинчу вукхарна баркалла а олуш, иза Хьамзате хьаьжира:

-Жиманиг, хьан Iойла йохий-кх аса.Баркалла хьуна!

-ХIумма а дац,-велакъежира Хьамзат.

в кадре: -Воккха стаг хьала ца гIоттуьйтуш, Хьамзата сихха билеташ оьцу цунна.

-Кхузахь йаздархочо, дуьхь-дуьхьал хIоттош, говза гайтина Новразан гIиллакх дацар а, Хьамзатан оьздангалла а.

-Цунна тIех ца валало йаздархо. Новразан вастаца йаздархочо Iорабоху и тайпа осала накъостий.

— Дуьххьара ГIала нисвелла воккха стаг и ваха веззачу метте дIакхетаво Хьамзата а, Халида а.

-Кхин цхьаъ ду дийцар тIехь шена тIе тидам бохуьйтуш. Шеца цу тайпана гIиллакх лаьцна кIентий шен кIента кIентан Хьамидан доттагIий хила лаьа цунна.

-Чу ца валош дIа ма вахийталаш и ши кIант.

Хьамида, шел хьалха а тоьттуш, чоьхьа ваьккхира и шиъ.

-Дада, суна ма ца бевза хIара кIентий. Хьенан бу хIорш?-хаьттира ХIазана.

-Делахь -хIета хIинца дуьйна дIа бевзар бу-кх хьуна Хьамидан доттагIий, — элира воккхачу стага. ДIалацал кхааммо а вовшийн куьйгаш, мар-мара а кхеташ. ХIинца дуьйна доттагIий ду шу, иза вошалла а ду. Хьанал а, тешаме а хилалаш даим а. Сий а довр дац шун цкъа а. Оьздангалла, гIиллакх жимчохь дулу дагах.

в кадре: Арахь буьрканах ловзуш Iаш волчу Новразе бехк баькхира шина кIанта:

-Хьуна ца хеттехь а, цабезамца хьан бIаьра хьуьйсучу адамех тхуна-м эхь хийтира. ХIун накъост хир ву хьох?

Новраз меллаша бай тIе охьалахвелира, накъостийн бехко а, цара шена тIебоьгIначу бIаьргаша а йуьхь а кхолийна.

Цо дош делира накъосташна, иштта осалалла шегара кхин ца йалийта.

в кадре: -Дийцаран чаккхенгахь гучудолу Новраз ша динчух кхетта хилар и тайпа ледарло цо шегара кхин йолуьйтург цахилар .

Оьздангалла а, гIиллакх а жимчохь дуьйна дилла деза беран дагчу.

Вай дийцира Кагерманов Доккин дахарх а , кхоллараллах а лаьцна. «ДоттагIалла » дийцаран идейни маьIна а, чулацам а бевзи вайна.

ГIовтал- божарийн тIехулара духар. ХIинца баккхийчу нахана а , артисташна а тIехь ган йиш йу и тайпа бедар.

ТIекере йар –вовшашка хьал-де хоттуш вистхилар.

в кадре: — Кху тIехь вайн урок чекхйолу. Iодика йойла шун! Марша Iойла!

I.Дийцаран чулацамна догIу суьрташ дахка.

2.ДоттагIаллех, гIиллакх- оьздангаллех лаций кицанаш деша.

I.Кагерманов Докка маца вина ?

2.Кагерманов Докка йаздан волавелла:

3. Муьлхачу книгин автор ву Кагерманов Докка.

Цуьнан произведенийн, сборникийн цIераш билгалйаха.

а) « Лаьмнашкахь бIаьсте» , « БIаьстенан беш», « Iимран а,цуьнан доттагIий а.»

б) «Абубешар», «ГIирмсолтас йаьккхина са», «ДIа – коч, схьа – коч», «Бож-Iела».

в) «Гила», «ТIамна дуьхьал», «Безаман эшарш», «Велларг денвар»

г) «Безаммий, шаьлтий», «Дог дохден цIе», «Цхьа-ши дош».

4. «ДоттагIалла» дийцаран коьрта турпалхой муьлш бу?

б) Сулима, Седа, Сода

в) Зайнди, Бикату , Аруха

г) Хьамзат,Новраз, Халид, воккха стаг.

5.Новразера хIун ледарло йаьллера?

а) Цо воккхачу стагана меттиг ца белира.

б) Иза билет доцуш вара.

в)Иза кегийчу берех леттера.

г)Иза буьрканах ловзуш,охьакхийтира.

Урок хIоттийнарг : Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу йуккъерчу ишколан нохчийн меттан а , литературин а хьехархо.

Презентация к уроку литературное чтение на чеченском языке на тему » Говзвнчаш» Докка Кагерманов

Обращаем Ваше внимание, что в соответствии с Федеральным законом N 273-ФЗ «Об образовании в Российской Федерации» в организациях, осуществляющих образовательную деятельность, организовывается обучение и воспитание обучающихся с ОВЗ как совместно с другими обучающимися, так и в отдельных классах или группах.

Рабочие листы и материалы для учителей и воспитателей

Более 2 500 дидактических материалов для школьного и домашнего обучения

Описание презентации по отдельным слайдам:

Кагерманов Докка «Говзанчаш»
Учитель нач.классов :Ташуева А.С.
МБОУ СОШ №1 с.Толстой-Юрт

Д.Кагермановн «Говзанчаш»ц1е йолу стихотворени йовзийтар; нийса а , шера а, кхеташ еша 1амор; шайн матте болу безам кхиор.

Кагерманов Докка
Кагерманов Докка вина 1933-чу шеран 9 июлехь Хьалха-Мартанан к1оштарчу Г1ойт1ахь, г1уллакххочун Денисолтин доьзалехь.

Кагерманов Доккин дуьххьарлера произведени зорбатоьхна 1955 шарахь Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета т1ехь. Иза яра «Казахстанерчу доттаг1чунна» ц1е йолу стихотворени. Цул т1аьхьа стихаш, дийцарш, очеркаш зорбане йийлина «Хьалхара г1улчаш» (1958), «Къоначеран аьзнаш» (1960), «1уьйренан аьзнаш» ц1ерш йолчу юкъарчу гуларш т1ехь, ткъа иштта «Орга» журналехь а, газеташкахь а. Дуьххьарлера книга «Лаьмнашкахь б1аьсте» араяьлла 1970 шарахь. Цу т1ехь зорбатоьхна стихаш яра. Цул т1аьхьа берашна леринчу дийцарийн ши книга арахецна: «Б1аьстенан беш» (1976), «1имран а, цуьнан доттаг1ий а» (1986).
«Нохч-г1алг1айн поэзин антологина» (1981)) юкъаяхна Кагерманов Доккин берашна язйина стихотворенеш: «Пхьераш», «Ц1еран илли», «Г1езаша дов до».
Кагерманов Доккин стихаш т1ехь эшарш а, иллеш а даьхна. Царах ду Дагаев Валида д1аолу «Сан Кавказ» ц1е йолу илли а.

Категория — Биографии на чеченском языке

Благодаря нашим источникам из Чеченской Республики, в том числе Министерство Культуры, у нас есть возможность опубликовать большое количество биографий чеченских известных личностей в области культуры за историю Чеченской Республики.

Эльмурзаева Зина

Эльмурзаева Зина Ярагиевна – пондарча, эшаршлакхархо. Ц1ера Лаха – Неврера «Вайнах» ансамблехь болх.

Эльмурзаев Бека

Бека берахь дуьйна вара иллеш, эшарш, хелхарш дукхадезаш. Шеен .

Шаипова Зулай

Йина 1948 шарахь Киргизехь. Жимчохь дуьйна нохчийн халкъан эшарш дукхаезаш, кехатан – пондара т1ехь.

Цугаев Супьян

Вина 1934шарахь Хьалха – Мартанан к1оштан. Сибрех чекхяъккхина Семиналатински музыкальни .

Цицкиев Идрис

Цицкиев Идрис шен кхоллараллийн некъ д1аболийна «Хелхарийн.

Ваьхна 18-чу б1ешарахь Нохчийчохь. 1ад – хькху пондарча, илланча, дечиг – пондарча хилла иза. Ширчу.

Хасбулатов Ямлихан

Нохчийн поэт Хасбулатов Ямлихан вина 1935-чу шеран август.

Темирбулатова Сиржан

Сиржана дуьххьара пондар караэцна пхи шо а кхачале.

Таьнгичуьра Хьасан

Таьнгичуьра Хьасан б1аьрзе хилла, ч1ог1а дика пондар локхуш .

Сулейманов Бауддин

Жимчохь дуьцна тайп – тайпана халонаш 1итталуш, болало .

Чеченский язык

Последние комментарии

  • Ахмед к записи Чермой
  • зухра к записи Урок №1 Чеченский алфавит- Нохчийн алфавит
  • Анна к записи Русско-чеченский разговорник
  • Ayub 404 к записи Чеченский тукхум Акки (аьккхий)
  • Ayub 404 к записи Чеченский тукхум Акки (аьккхий)

Знаете ли Вы, что

До 1925 года чеченская письменность строилась на основе арабской графике, с 1925 по 1938 год развивалась на основе латинской графики, а с 1938 года по настоящее время — на основе кириллицы